Аьхкенан суьйре

Тийналлехь седанна к1орда дац ловза.
Леррина шен ма11аш къагош бу бутт
Цхьа тийна хетало хьаннаш а тховса.
Т1екхечи 1аламан х1айбате мур.

Йаржаеш хаза архь, сагал-буц техка.
Т1улг кхоссарх, "вакъ" хиезош, пхьид а йац шек.
Боьрара т1уьначу ж1олмашлахь лечкъа
Чилларчи, г1овг1анан ца хуьйцуш кеп.

Тховса сан Даймахка йоьссина суьйре,
Дуй-теша хьол хаза кхин х1ума гур?
Иллешца синк1орге дижина туьйра-
Исбаьхьчу 1аламан х1айбате мур!

Азман Джабраилова


Рецензии
Азман, мел хаз байта ю аз.
Бер тарковш лакха хаз илли хиг дер цунахь

Дашо Аргунская   06.03.2017 10:50     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда хьуна, Дашо!
Хаза б1аьсте йолуш лаьтта вайн махкахь.

Аза Атагинская   06.03.2017 23:07   Заявить о нарушении