Х1оранна яздина ду шен-шен йоза

Х1оранна яздина ду шен-шен йоза,
Хьо ваьхна валале ган деза де:
Хьан наха мах къастош сиз бина доза,
Я цара д1атоттуш къематан де.

Хала ду,хала ду къонаха вовза,
Ду х1инца адамийн меттанаш говза.
Бахамах 1ехалой,дог долу ловза,
Ца оьшуш хьехархой,ца лардеш доза.

Д1аэца дагаца дешначун хьехам,
Д1алаца коьртаца воккхачун хьехар.
Д1аэца хьайн сица хьайн ненан дехар,
Кхетамца дог1ур ду нийса некъ бехар.

Д1аг1орта, х1ай адам, сирла некъ бовза,
Кхана цу эхартахь луьра ца хьовза.
Х1оранна карон ерг ю,шуна,нийсо,
Цундела д1ататта ямартло,кьийсам.

Дела,ахь лардехьа хьайн оьг1азлонах,
Дела,ахь лардехьа боьхачу вуонах.
Дела,ахь лардехьа к1езигчу мехах,
Б1аьрзечунна гечдехьа,ду сан цхьа дехар!


Рецензии
Х1оранна а пайден-беркате хир болуш, маь1не хьехам бу байтан мог1анашца бийриг!
Аьтто хуьлда кхоллараллехь! Дела реза хуьлда ненан маттахь йаздеш хиларна!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   08.05.2022 19:58     Заявить о нарушении
Асламбек, ма дагахь доцуш кхаьчча хьо аса къайлахь ларъеш йолчу байтийн керта!
Дуьххьара кхарех мах хадош,олуш долу дош деза ду суна.
Дела реза хуьлда тидам барна,кхарех дош аларна.
Хьуна ма гарре,вайн маттахь дукха яц сан байташ. Амма,синан лехамаш цхьа дика ненан маттаца дазаш ду.
Ларамца,

Роза Дахаева   08.05.2022 22:50   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.