Дада

Иманехь, исламехь и кхиъна вара.
Бераллехь дуьйна хила вара оьзда.
Ц1ера ша и Мартант1ера вара,
Сийдолу, хьакъволу - Юсупов Ваха.

Дуьненахь хьай бераш г1иллакхе 1амош,
Дийнахь а, буьйсан а ц1а вочунах лардеш,
Доьзалла кхиий ахь, диканиг хьоьхуш,
Ламаз а, Марх а, вайн Дин а царна марздеш.

Массарна, хьо вевзачунна, даггара везаш,
Лулахоша, доттаг1чара сий а деш, лоруш.
Ма исбаьхьа яьккхи ахь дуьненан зама,
Ма яьхь йолу къонахех доьвли вай тахна.

Ма хьоме дех дели и доьзал,
Дагт1ера буьйжи дуьненан тхов.
Ма сиха т1екхочу и 1ожал,
Д1ас-хьажа кхиале сов.

Хьо хилла ц1а х1инца ду хьуна шийла,
Хьан к1еда маьнга, т1улг хилла, лаьтта...
Хьо волуш хилдолу деган синкъерам,
Дагчохь узам хилла, ша санна лаьтта.

Сан уггара хьоме адам, сан дада,
Ма ч1ог1а д1атесна йити ахь со...
Да виса, цкъа т1аьххьара хьо ган,
Къевлина, доггахьа марволла хьо...

Хууш ду, кхочуш хилла хьан деган лаам,
Цхьа а марх ца дуьсуш, нисдели хьан валар.
Марх лоцу буьйсана, уггар езачу хенахь,
Ваха хьо, даимна хирдолу, эхарта...

Аллах1-Дала геч дойла хьуна!
Ялсаманийн хьоьх хуьлда хьаша!
Цхьажимма хан яькхна, 1ийна,
Тхо т1ехь дог1ур ду хьуна кестта...
(04.01.2017)


Рецензии
Роскошный стих, удачи.

Айзек Гончаров   04.01.2017 21:35     Заявить о нарушении