Дашо м1аьрго

Гуьйре, гуьйре,
Дашо м1аьрго!
Дала елла
Дуьне хаздан.

Хаза гуьйре,
Ца кхии со
Доггах эца
Хьоьха марзо...

Хьо- м д1айоьду,
Цхьаволчунна
Кху дуненахь
Юха ца ян.

Гуьйре, х1инца
Раг1 д1ало ахь.
Хьуна таьххье
Т1ег1ерта 1а...

    Азман Джабраилова


Рецензии