Сийлахь Да

Деган аз, доь1у са,сан дийнна дуьне-
Сан да - хьо хьаста сан тоьар дац дешнаш.
Сан ирсе тахане, ирс долу кхане,
Сийлахь да, хьан ц1арца йоьзна ю,тешна.

Хьайн велакъажарца де къагош малхах,
Хьо резахиларца дохдийриг дог,
Могуш хьо хиларца лепаш верг баттах,
Хьоме да,Сийлахь да, верриге-хьо!

Дуьненна мохь бетташ, дийцарх хьо везар,
Хьаннашкахь кхайкхорах хьох йоккхаяр,
Сийдериг, тоьар дац дешнаш дог даста,
Тоьар дац хьоь лерам д1акхайкхабан.

Йоккхае,ирсе ю,хьан йо1 хиларна,
Йоккха ц1е-"Сийлахь Да"- йиш йолуш яккха.
Сий хета, дикачу ден йо1 а хилла,
Дахаро кховдийна сайн некъ чекхбаккха.

Сан Да,Сан Диканиг, аьттонца даим
Боккхуш хуьлийла ахь мел боккху ког,
Дуккха а шерашкахь,могуш а,парг1ат,
Ирсе хьо вехийла,доьлуш хьайн дог!


Рецензии