Г1елъелла...

         
Г1елъелла хьоьга сатийсса,
Хьо ларвеш со дукха 1ийна.
Шийла ду цхьаллехь де- буьйса,
1аьткъина син цхьалла дагна.         

Зезагех гарманан аре
Хьа дуьхьа ас кхолур яра.
Хьо вог1у некъ серлабаккха
Беттаса Аллах1е дехна.

Кхаъ хуьлу хьо гича дагна.
Самукъне йолу  сан ойла.
Догъэца хьо веъча санна
Д1айолу сан синан цхьалла.

Г1елъелла хьоьга сатийсса,
Со йити ма г1олахь д1а…
                А.М.Джабраилова.


Рецензии
Интересное стихотворение. Очень понравилось!

Луна Серлоева   14.04.2017 14:19     Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.