Гуьйре йог1у

Аренийн шортонаш басаршца кхолуш,
Ц1ен- можа къорза куз когашк1ел тосуш,
Дог1анаш 1енадеш, хьаннех мох хьерчош,
Шен амалш кхийдаеш гуьйре ю йог1уш.

1аламах къастале весет деш санна
Лепа малх т1аьххьара шен йовхо кхийдош,
Аьхкенан токхонаш хайраза ца йайъа
Адамаша сихдина кертара дезарш.


Рецензии
👍хаза аьлла

Арзу Банжаев   16.09.2016 09:03     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда, Эрзу!
Лерамца.

Аза Атагинская   22.09.2016 22:07   Заявить о нарушении