47. Малх

Ц1ен басе бирзина
Чубуза сихбелла,
Маьлхан х1оз керчина
Малхбузе д1ахьаьдда.

Делкъенан тов дожош
Суьйренга де лести.
Таханах вай дохуш
Маьрк1ижа хан т1екхечи.

Шен йовхо кховдаеш
Малх мичхьа г1отту- те?
!уьйренца декъалдеш,
Х1у къаьмнаш хьосту-те?

           Азман Джабраилова


Рецензии