***

Хьоьх хьегал ирс дац хьа,
хьо цхьалха виснехь,
хербелла, г1елбелла хьа безам биснехь,
дахаро чехавеш дакъаза ваьллехь,
Хьоьх хьегал ирс дац хьа,
Хьоьх г1алат даьллехь....
Хьоьх хьегал ирс дац хьа,
тешнабехк бинехь,
гергара,уллера хьо хетачунна,
оьшучохь доттаг1а д1атесна витнехь,
Хьоьх хьегал ирс дац хьа,
ямарт хьо хиллехь....
Хьоьх  хьегал ирс дац хьа,оьг1аза витнехь
хьо санна,Кхоьллинчу цу Дела, лай,
къинт1ера ваккъаза ахь иза витнехь,
вера вац къинт1ер хьун и Дела вай!!!
Хьоьх хьегал ирс дац хьа, иманца вацахь,
хьо лела некъаца бакъ къастош вацахь,
Бахамо 1ехийна, вицвелла виснехь,
Хьоьх хьегал ирс дац хьа,
ца хьоьг хьоьх цхьаа...!!!


Рецензии