Яхалахь даимна, сан хьоме НАНА

Хьан хаза б1аьргаш,кхетаме дог,
Хьо йоьлуш хиларо, ойла т1ема йоху,
Хьан хаза юьхь-сибат,со йина нана,
Даимна яхалахь,ца юхуш ирсах.



Нана..Сан хьоме нана
К1инт1ера ялалахь,хьийздарна  са.
Нана..Лараме нана..
Ма гойла цкъа тхуна, хьан б1аьргар хи,
Нана..Кхиийна нана,
Яхалахь даимна,тхан хьостуш дог.


Сий ду хьа лекхара,яхь йолу нана,
Ойланий къинхетам йист йоцуш бу,
Яхалахь ирсе хьо,со йина нана,
Дуьненахь хьо мел ю,сан дахар ду.


Рецензии