Нана

До1анца Деле хьо йоьхуш,
Хир ю со тахана, кхана.
Дуьненна даима йоьлуш,
Яхалахь,сан Хьоме нана.
Ирсечу кханенга йолуш
Дахаран хало ма гойла,
Когаха ирсан некъ хьерчош,
Вай Дала хьо декъал йойла.
Эхарх а дог1анаш шийла,
Еларо йовхо ло хьа.
Къинт1ера ялара доьху,
Ойланаш г1ийла ма ехьа.
Хилалахь,яхалахь,нана,
Елалой алахьа дош,
Дуьненна ма елха цкъа а,
Б1аьрхишца латта дашош.
Яхалахь,сан хьоме нана,
Дикане ерза еш ойла.
Кхоьллина Везачу Дала
Даима ирсе хьо йойла


Рецензии
Марша йог1ийла хьо ,Хьава!
Дала т1аьхье беркате а йойла. Тешна ю хьан пох1ма т1аьхь-т1аьхьа кхин а кхуьург хиларх. Мало ма елахь къахьега.Хаза язйина ахь байташ.
Ларамца,

Петимат Абубакарова   24.06.2016 23:39     Заявить о нарушении