Йижаршка- на чеченском языке

               

Хетар яц оьмарехь цкъа а суо г1ийла
Шу мел ду эшначохь юххе д1ах1ийтта.
Къаналла т1ееъча дог сутардаьлла,
Ца къахьлун марзо ю сан сих д1аийнарг.

Самукъа даьллачохь со шуьца йоьлу,
Бала т1ебазбелча вай цхьана доьлху.
Во- дика т1едеъча орцаха кхойкху,
Шул хьалха суна т1е цхьа а ца кхочу.

Аллах1а диканца кху дийне вай даьхна
Дош даше ца долуш, ца йулуш мекхо,
Вонаш а, дикнаш а ду раьг1наш йоттал,
Шун б1архиш ца гайта ю реза йала.

Суо гена, йа герга кхолламо яккхарх
Шух цхьа а йицйина м1аьрго ца яьлла.
До1анехь сайн куьгийн канаш а лаьцна
Шуна ас диканиг Аллах1е дехна.

Со къена йу алий сох д1а ма къехка,
Сох дийлла г1алаташ юьхь- духьал ала.
Сайн къинойн мохь эцна со новкъа яьлча,
Йижарий, Аллах1е геч дар аш деха...

                Азман Джабраилова
                02.05.2016


Рецензии
Аза,как мне нравится твое творчество-стихи,наполненные жизненным смыслом!Прекрасное посвящение сёстрам!Дала аьту бойла хьа,могуш мярша яха йойла!С теплом

Лала Бахаева   25.09.2016 20:23     Заявить о нарушении
Лала, Дела реза хуьлда хьуна!
Хьа а бойла Дала аьтту дахарехь а, кхолларехь а.
Ларамца.

Аза Атагинская   27.09.2016 20:20   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 3 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.