Ден коше...
Дог 1аббалц йилхина б1аьрхиш лакьийта.
Сел хьоьга сатесна сай дог 1абийта,
Хьан барзах куьг хьокхуш Ден марзо эца.
Сом сайга хаьттича хир яра реза,
Д1аяха тахна а хьомечу Деца!
Дуьненан баланаш дерриге дитна.
Делахь а, Аллах1 ву яздеш верг рицкьа.
Я Аллах1, ма лара сан елхар кьехьа,
Кьинтера валалахь, со ма яц 1еса.
Сел ч1ог1а везачу, тхоьл ч1ог1а везна, Ахь вигна тхан Да Ахь декьала вехьа!
Свидетельство о публикации №116042611643
Дех а, ненах а лаьцна йаздинарг ц1еначу даггара йаздина хуьлу!
Асламбек Гайтукаев 16.08.2026 22:00 Заявить о нарушении