Сан хьоме Дада

Сан хьоме Дада,

Мохь беттарх ца хеза со,
Сан хьоме Дада ас луьху хьо,
Ас луьху, кхойкху, д1ай са уьду,
Сан Дада, сан Дада хьо тхуна уьшу !!!

Дог1 тьохха керта, чьунаш ю шила,
Адам ца лятта, хьужуш хьо варе,
Хеши ца бог1у хьуца вахь хаа,
Хинца тяхь буьллу, да хьужуш г1ила.

Хьай байтанша юьшу, хих дуьзан бяргаш,
Хьа иллешк ладуьг1у, ахинехь елху,
Сан Дада, сан Дада, сан хьоме Дада,
Ма вац хьо юхеъ сай бала а белху, .

Сан Дада, сан Дада, сан хьоме Дада,
Хьа царц бол урамца вайг уьду со,
Сан Дада, сан Дада, сан хьоме Дада
Керта а ялча ас луьху хьо…

Сан Дада, сан Дада, сан хьоме Дада,
Денош да ихарх, шераш да идарха
Виц вир вац, везар ву, сан хьоме Дада,
Хьо дагахь а волуш хьа дёхьа дехар ду…!

(Руслану Ахтаханову-поэту,просветителю и отцу 4х замечательных детей)


Рецензии