Сай Ненан, Яхин!

Нана!

Ма докх а маьlан,

Чулацама шиц а болуш,

Уггаре а деза,мерза дош,

Нана бохург хьо ма ду.

Сел а доккха  чу дуьненахь,

Кирахь са долчу а моссу хьуман,

Веза волчу Аллахь кхуьллан,

Кlинхетами совгьат,

Нана хьо ма ю.

Нена дог а Нена безам,

Нена мот а Нена аз,

Нена бlаргаш делха изор,

Нана йилаш долу хаз,

Нану динарг дов далахь а,

Мерза ма ду маш-Аллахь.

Турпал ю хьо Нохчи Нана,

Кlунах кlенти кхийбо ахь,

Дlоьнал ду хьуц,Нохчи Нана,

Хьун ца гуш ца гущ хало.

Сан хьоме адам ,

Дуьненан са чам а серло,

Сан ирсе вахар белгало,

Аллахь дал хьо лар йойла,

Могуш маьрша,ирс аьтто бойла,

Аллахь Дала,вай шинне доьхьа,

Яха!Са хьоме Нана!

Хьо Дала дукх а йахайойла!


Рецензии