Гилной!!!

Сан хьоме, сан жима Гилна,
Даггара баркалла хьуна,
К1ентий ахь майра кхиорна,
Мехкарий сий ахь лардарна

Дахалаш х1ай хьоме Гилной,
Вай дахар ирсаца хаздой
Вай дезаш боцчарна кьахьлуш,
Вай дезаш болчарна марз луш!

Оьздачу Дайн ц1ераш яз еш,
Кхиинчу наной сий лардеш,
Ойххьаза Гилной ду олуш,
Дозаллех шайн кийра богуш!


Рецензии