Хьомечу Дена!!!

Хьан довха куьйгах куьг хьоькхуш,
Г1елделла б1аьргаш чу хьоьжуш,
Ахь хала доь1у са хезаш,
Сан дог ду кхачалуш, дешаш...
ВЕЗАЧУ ДЕЛЕ хьо воьхуш,
Хьан цамгар д1а айбар доьхуш,
Кьурдаш деш хала са детта,
Йиш елар хотта хьан метта...
Лааркха бераллехь санна,
Хьоьх хьерча массо а ханна,
Мел хилла цатам хьоь бийца,
Эсала хьоьга хьастийта...
Хьо дай сам дериг дозалла,
Хьо яй сам ериг майралла,
Ас доьху, х1ай Веза Дела,
Ма яккха хьомечу Деха!!!


Рецензии