Замане
Х1ай, зама ю бохург,
Сох кхета ца лаьа хьуна…
Масачу боларца йоьду хьо,
Ягаеш, вас ярца суна…
Сан ненан мас къажош,
Йоьду хьо, къанвеш сан дада.
Х1инца а диц ца ло, йиш озош,
Нанас сайн техкийна ага…
Хьо йоьду, со кхиош,
Гуттар а сихдина болар.
«Цхьажимма собар де, сатоха..!»
- Эрна ду бахарх…
Дог ду хьан шелделла,
1ай тхевнах кхозу ша санна.
Делахь а,и дац-кха шех г1айг1а хилларг сан дагна,
Со кхоьру сайн дагах, хьох санна, ша-т1улг хиларна.
Свидетельство о публикации №115102209329