Мата и Рашид
Х1ара дешнаш яздо ас,
Кхоьллинчу вай Дала
Шу Барт цхьаъ бойла .
Б1е шерашкахь цхьана долуш,
Х1усамехь барт болуш.
Шайн даго ма боху
Ирсе дахар хуьлда шу !
Ирсе-дахарех,
Мерза -безамах,
Дика-могшаллех ,
Тешаме- накъостех,
Иман- беркатех,
Оьзда-доьзалех,
Ховха-х1усамех,
Дикчу -лулахойх,
Беркате- рицкъанах,
Адамийн- дикаллех а
Ца хьоьгуш хуьлда шун дахар !
* * *
Доцца аьлча,хазахити шу цхьанакхетта,
Дала барт ч1аг1бойла ,аш йоккхучу ханна
Дахар ирсе долуш,
Безам мерза болуш ,
Иман -беркат х1усамех
Вовше муьт1ахь долуш.
Везачу Дала шу ирсе дехийла
Шу х1усамехь ц1а а барт ма эшабойла.
Шайн кийрачу даго ма бохху
Ирсе дахар хуьлда шу !
Свидетельство о публикации №115042608106