Везна, Умар

 Хьо суна вевзира сан дахаран новкъахь,
Х1инца хьо ву-кх даимна сан дагчохь.
Кийрарчу дагна хьо ч1ог1а оьшу,
Сан хазачу б1аьргаша даимна хьо лоьху.

Ладог1ахьа везна ,Умар...
Хьан оьзда хиларо
Кийрар дог реза ди ,
Хьан исбаьхьа г1иллакхо
Сан дог 1еха ди.

Лаьа ,Умар,юххера хьо вовза
Цу хьан нанна,Найбанан,баркалла олуш.
Иштта кхин лаьа кху дуьненчохь
Ирсо дог хьан хьостийла.

Кху доккхачу дуьненчохь
Хьо ирсе  вехийла,
Найбани дог делош
Оьзда к1ант кхуьийла.

 Тахан санна хьо
Оьзда хуьлийла,
Г1иллакхах ца вухуш
Дуьненчохь вехийла.
      Ларамца Малика.


Рецензии