Сан Нана

Нана...Хьо суна генахь хиларх,
К1ирнах ц1а бен вовшийн ца гарх,
Сан Нана...
Аса мел ян ойла хьоьца ю хьуна
Сан даг чохь даимна хьан сурт ду хьуна.

Дилхинчу б1аьргара б1аьрахиш оьхуш,
Кийрарчу даго даимна хьоьга кхойкху
Сан Нана...
Хала ду генахь дог 1ийжар,
Сатуьйсуш даимна хьо гаре .

Сан Нана...
Х1ара дахар ца оьшу суна,
Даимна хьо суна гур яцахь ,
Х1ара кийрара дог ца оьшу суна
Даимна хьо суна лаьттар яцахь.


Рецензии