Доттаг1чунна Мархина

Карор яц дуьненчохь хьол дика доттаг1,
Хьомсара доттаг1,доттаг1а-йиша.
Муьлххачунна  а г1о дан  кийча ю хьо
Сан хьомсара доттаг1,Марха.

Хало т1е1оттаелча ,со цхьалха йисча
Хьайн йишин санна т1ех1утту хьо.
Доттаг1а боху дош массарна ду совг1ат
Доттаг1 даим а хилла дагна хьоме.

Хьо суна хазйинарг хьан малх санна месаш ю,
Хьо суна марзйинарг хьан оьзда г1иллакх ду.
Сан дешнаш тоьар дац хьоьх лаьцна ала
Хьо ирсе ехийла дахаро хьоьстуш !


Рецензии