Гочдинарш

ГОЧДИНАРШ

Диъ х1ума ду, совдаьккхича дог къинхе

тамазалле дуьгуш: гайшкалла, набйарехь ца лелон барам, сов-т1ех виекаш хилар, дег1ан лаамашна т1аьхьах1оьттина лиелар .

/Ислам. календ./

ВАХЬАЦ СО

/Р.Гамзатов/

Вахьац со, х1умма а доцу хьан меха,

Хазалла хестаеш, дийца хьох лаьцна.

Х1ун хаьа, стих ешча, вулий хьо лиеха,

Сол хьакъверг, безаман гуро а лаьцна

Вахьац со, х1умма а доцу хьан меха,

Сапарг1ат,ала дерг, хецца хьоь дийца;

Х1ун хаьа, кхечо, шен езаре , безам,

Ас ХЬУНА карийнчу дешнашца бийцахь.

КЪАСТА ДЕЗАШ НИСЛАХЬ..

/Г. НУРУЛЛАЕВА, Узб. поэтесса/

Вайшиннах муьлха сов тарделла вовшех,--

Бен а дац, къестош пал туьйсур бац вай.

Дуккха а шераш ду цхьаъ болу

кхоллам

Даьхна вай, къобалдеш юккъера т1ай.

Самукъадаьллачохь, ловш беса денош,

Даима цхьаъхилан ларош ду вай.

Вайшинна 1аьткъина муьлхха а

г1иело

Атало, кхетташехь цхьааллех вайн.

Хьоь б1аьргийн з1аьнаршца г1айг1а-

нийн шеддаш

Дастало догдика ма-хьаьжжи схьа.

Вайшиннан дегнаша цхьа болар

х1еттахь

Ийцира,

Со хьайчун да йича ахь.

Ва-амма, хуъушехь юйла сайн андуо

Йозуш хьайниг сан кийрахь деттадаларх,

Ас юхакховдор ду, луш цунна маршо,

Т1аьххьара т1екъовлуш б1аьргийн

нег1арш.

Т1аккха со хьан даге йистхир ю г1ийлла:

--Дош хир дац йайначохь безаман ц1е,

Ма сиеца 1ожалло шелбинчу кийрахь,

"Ц1ахь" беха хуьлда хьан дахаран некъ.

МЕХАЛЛИН ТЕРЗА

/И. Минтяк/ Терзант1е диллича деза ду ший а,

Деши шен кхахьамца,

Шегарчу токхонца,--ялта.

Дешех дерг-м хууш ду,-

И даржехь кхобуш ду наха.

Дуьстича, ишттанех ду бепиг,-

Цундела к1аж-мехал дахац * * *

(А. НАВОИ)

Бехке мила ву

Малх ца гарна,

Буьйсанан цу

Билдорганна?

* * *

Хаарел г1оли хазна а, 1овдалчу

накъостал луьра мостаг1 а вац; хааршца баьккхинчул зоьртала

сий-ларам а, иэхьал б1аьрла

кеч-къагам а бац, стеган долахь хилан.

( Сократ )

ЛАТИЙНА КЪИНОШ

ХЬИЕГ1АРАН ЦАМГАРНА ДАРБА.

Бехкалавахаран орам 10 гр., дохкова-

ларан г1аш 10 гр., цхьаьна а тоьхна хьайн деган кохьарахь тавхьидца (Аллах1 воцург кхин Дела ца хиларт1ехь дог-ойла ч1аг1йалар) аьхьначул т1аьхьа, иехьан цецах ласа а

лаьсна, б1аьрхишца хьакхийна межарг

безаман ц1ергахь батта а беттина, де-буьйсанан пхеа рожехь биъча т о л о

оцу цамгарх. ( Ислам. календ.)

Нагахь нах дикадолчунна т1енисбан

лууш хьуо велахь, куьзганна хьалха

д1ах1оьттича, цу чохь схьагинчу стаганна т1ера д1аволалуо,

(М.Джексон)

Г1айг1анаш берех тера хета

цхьадолчу т1ехь: ахь лерина дола даре терра, могуш-маьрша

хьалакхуьу уьш. ( К. Холланд)


Рецензии