Харжа хьайна

ХАРЖА ХЬАЙНА

Дог а лозур дац хьан

И "шен балхахь" дацахь.

Дуьнедуур дац ахь

Хьесапие хьо вацахь.

Дала-хьеха бохуш

Лиелахь архаш хецна,

Дахаро, пелвохуш,

Хьур ву 1инчу хиеца.

Г1айрит1ехь жималлин

Сиецаш веха-вахлахь,

"Шераш 1аь1нарг"-аьлла

Ц1е г1ур ю хьан кхарста.

Доттаг1 лоцур вац хьо,

Хьайн дена к1ант вацахь.

ЛУЛИЕ-1 къуьйсур яц хьан

Сий "чанкхеттарг" кхачахь.

Гергарниш хьан лийр бац,

Хьо уьш боцуш ваьхнехь.

Дотт1аг1ий а хир бац

Велахь дуона-аьрта.

Диканаш схьадийр дац

Белхех ихна вацахь.

Цкъа а ирсен хир вац

Безаме ца кхачахь.

Орцах хьодур вац хьо

Орца оьшур дацахь.

Орцахвалар дац и

Шен хеннахь ца кхачахь.

Амалх йуолахь шалхо

Цхьалхаяккхалур яц.

Айхьа йина харцо

Гира хьан юссур яц.


Хьайна ревизийар

Дитахь далхо-детта,

Хир ду самавийлар

Жирга йолччу меттехь.


Рецензии