Лиедамаш

(Доцца аьлларш)

НОХЧОЛЛА,--

И ю-кх культура,

Нохчочун хат1 кхобун гурахь!

* * *

Шарахь цкъа котамна

Олхазар тарло шех.

Шарахь цкъа болу бах...нуй.

Бакъболчу безамна

Деккъа цкъа болу кхаж...

Шина дагах иккхича суй.

* * *

Дог1учунна д1а а ца луш

Дитинарг, кхоийна,

Цадог1учо, хайрах доккхуш

Д1адаьхьна, лачкъийна.

* * *

Ахь говраш эшайахь, къуьйсуш,

Кхераме яц, хьуна, нуьйраш.

* * *

Х1инццалц ас зу марайихки,

Кхул т1аьхьа и сайна дихки.

* * *

ЦХЬАНА БАХЬАНИНА

Сан метта стихаш ма

Язъехьа, редактор,

Хьайн коч ма юхахьа

Берана сан.

Айхьа ца хаьржинехь

Къахьегна дог дат1ор,

Хийца ма г1ертахьа

Ас тоьхна лан.

* * *

Воьлхучуьнга

Йовлакх кховдадай а...

Дикадарах юха ма кхиета.

АДАМ санна, зиерех

Хьуо чекхваларх,

Хьайна мидал йог1уш ма хиета.


ДОГГ1УЧОХЬ

1иеха а делла, вай

Дегнашна маршо лахь х1инца,

Кхул т1аьхьа хир ду лай

Лохачу,

Дорахчу ирсан.

* * *

Ша цхьамма ца яккхарх б1аьсте,

Ч1ег1ардиго,

Кхоаца дог-ойла хьостий

Виекхаво цо.

* * *

Йо1 йоьду, хан кхаьчча,

Ден-ненан кхерч тосий,

Шен маь1на кхочушдан... ана.

Йо1а, шен ирс хеташ,

Юьхьаралаьцна некъ

Раз-пурх ма тедалахь, нана!

ХЬОМСАРШКА

Самукъа,

Сан тахна даьлла,

Шун саг1адойла!

Мар-мара хьаьвддачохь

Голаш а яьжна,

Вай юха гойла!

* * *

Адамаш делахьара

Сакх-сема жиммал,

1ехор ма дацара

Цхьаьнкхетча, шимма.

* * *

1аьнан де! Ахь гаьллаш

1уьйшур ю меллац?

...Хьо хьанна ц1оьвзар ду

Тхо милла делча?

* * *

Саьмгал ц1ерах санна,

Пхора диканах,

Юдуш догдикалла,

Беха дика нах.

* * *

Ца лаьррийца хилан везаш дирша

Аллачо а: "Дахар-къийсам бу!".

Амма бале долу хилар кирша,

Дерриг маь1на нислахь ма1аш чу.

* * *

Шен г1уллакх ша даран

Лаахь мах бовза,

Кхечуьнан карара

Хи малий хьовса

* *. *

--Къола дина суна яздархоша:

Хаз-хаза дош аьлла боьвлла,

Царах хьуьнар 1овдуш.

--Ма 1ие т1аккха кегош нехаш, кхош а.

Хестош зезаг, ломахь даьлла ,

Луьттуш, хьоьлху,1овраш.

* * *

Кхерамах кхерар,

Доллучух кхерар,

Кхерране ца кхерар,--

И дахар шен меттахь 1иедар!

ДУЬХЕКХИАР

Со виезаш хиллера хьуна.

И хии хьан б1аьра хьаьжча,

И хии хьан юьхь-бос лаьлча,

И хии багара цхьа-ши дош даьлча.

Со виезаш хиллера хьуна.

* * *

К1ожамна, бекъачу, оьшу

Цхьа суй шех ц1ейиллан.

Къонахчунна бахьна оьшу

Шен са боле диллан.

* * *

Дог 1аламат доккха ду,

Амма дерриг хоац цунна чу.

Дегнаш дерриге дилхан ду,

Амма т1улган дегнаш дерш а бу.

* * *

Даймохк!

Хьох лаьцна, ша-башха

Х1ун эр ду ца хууш...

Хьевели со-м.

Ткъа х1инца, дахцадеш д1абоху:

Кхин хаац,

Эшначохь,

Хьуна а тоьпана

Юккъе д1ах1уттур волуш,

Тешаме к1ант ву-кх ХЬАН,

Даймохк!

* * *

Дахаро, цкъа а

Доттаг1ий ца эшшал

Кура ца ваьккхина цхьа а.

Хьайн аьхна аг1о

Д1аоьхьна вахарца

Х1айбате йие хьайна хьанал.

* * *

Дог дет1а,

Пах сенло,

Б1агор а бог1у

Гуш лаьтташ харцойеш йайча.

Хьакъ хета,

Дег1 дайло,

Вела догдог1у

Ша дийннарг оруш и вайча.

* * *

Вардано дажадац стерчий,--

Цо дацадо.

Ткъа собар... зиераш 1еткъийча,

Тарло кхачон.

* * *

Вирера виралла схьадаккха

Ма г1ертий вай?

Ма1ачу къонахчун сий даккхан

Г1ертийша, х1ай!

* * *

Виеза к1ант хьомсаршлахь къаставай

Ма хуьлура неха-м...

Хьогахчу лаамера хьан даге

Ца кхочу хьиехам?

* * *

Цкъаюлий тийналла

Йолу хьех чекх.

Ткъа т1аккха... хьагавой,

Моз до цо шех.

* * *

ЦА ЯЗЛУЧУ ХЕНАХЬ

Мархаш гахь а,

Ерриг стигал яьккхина,

Дог1а-м д1атий,

Ченан хьожа а яьккхина.

Цунах терра

Шу ма хьалхе йийши,

Ойланаш,

Шайл цхьа ирхо ма-ийшши?!

* * *

Лулахойн хьашташа

Стагах пхьар во.

Дикачу адмаша

Дикаллех пхарво.

* * *

Массарах т1ехтилий

Б1аьргашна карориг,

Ялахьа сан хилий,

Собарх со вохалий!

* * *

Пхьарматан ц1е

Кхарстахьа,

Къинош дагош!

Селин хаьштиг,

Кхетахьа,

Куралла 1адош!

* * *

Мел веха латтарх

Хьо х1орда йисттехь,

1емар дац кхахьамие нека.

Лекхчуьра г1аттарх,

Аьрзуна напг1а

Карадац, биенат1е кхиехьан.

* * *

Соьмах духку сий ма эцалахь,

Шай мах берг хьайн дола ца дезахь.

* * *

Соьмаша хьулйац

Йоцу стогалла.

Ткъа къиелло мукъ лац

Гайтан доьналла,

* * *

Тешам юхаэццал ахча а хир дац.

Ямартло юьлуш-ц1анйал хи а хир дац.

* * *

Хьан юьхьт1ехь йоькхана лоьхуш,

Ас б1аьрса дуьйлина латтий.

Хьан юьхьт1е йочана кхоьхьург

Вайшинга иэшалур дац-те..?

* * *

Хийра нехан кхардамера

Къайладаьхьна г1алат,

Айса сайна геч ца дарна

Яь1нит1ера далац.

* * *

Хеттарш сийса

Хан ю жималла.

Жоьпаш кийча

Хилахь къаналлин.

ЦУЬНГА А ХЬАЬЖНА

Хаза ю хьо,

Эхьхетта малх т1ехьаберззал.

Цхьаъ хир ву-кх

Ирс долуш, хьуна ша веззал.

* * *

--Хьо гича ма хазахийти!

--Суначул хаза-м ца хийти!

...Царна юккъе х1оьтти стела1ад

Уьш вовшашка бистхиларна шАт.

* * *

Гергарнах генахь нислуш,

Уллернаш ямарт нислуш,

Ихи денош.

Хьо хьенан мила ву дицлуш,

Стогаллех инзаре мах луш,

Хьийг1и г1иело.

* * *

Нана шеха йогуш дерг

Ма хуьлийла берана!

Хилан луург хуьлийла,

Аьхна долччул, дерина!

* * *

Лерина г1улкхдеш,

Тап-аьлла 1аш верг,--

И ву-кх гуттар

Лиерамна хьакъ верг.

* * *

И хьан б1аьргаш, и ши седа,

Синхаамийн 1аьмнаш хета.

Хьоьсту цара со.

Хийла цаьрга ас сатийси,

Царна чохь ас ирс а лийхи,

Детташ деган кор.

* * *

МУРСТАН УОХЬАМ

Таь1ана-сийна бога

Вайна т1оьхла кхозу...

Хьерсамаш схьакъиеда

Цу чохь жовх1арийн.

Ойла, гила аьрха,

Ц1ингаш кхоьссинчохь,

Дато лан дожийна

Беддда т1епаза байн.

* * *

"Суьпаллех" долун дела

(Ваьшна ма-хьеххара)

Къен дахар хийра дац вайна-м...

Алийша, цхьанделхьа,

Меттиг юй хьехамчаш

Къийбелла,

Долара рицкъа д1адекъна..?

Шаьш байталбаьхча,

Боьвлла-кх уьш баьхна

* * *

Дов-дош а даьстина,

Хьомсарех къаьстина,

1абадеш х1илла,

Лахьтичохь 1илла

Д1аваха-м хала а дацара...

Мил-милла харцтеш а х1уьттуш,

Сан ц1арна диларш т1еюттуш.

Бухабуьсург ца хилча 1уьт1анаш,--

"Кхечеран б1аьргара к1ай" гурш.

...И маршо ца лур ас царна,

Вовшех а... ца бешачарна!

* * *

Дийца меттиг боцуш,

Далхо хьайниг воцуш,

Иэсах хьахаделларш

Ю ца 1уьттуш 1ац-кха...

Кховдорх, ка ца кхочуш,

"Доьг1нехь хир-кх",--бохуш,

Дола ца тиекхийнарш

"Т1аьхьа" кхочур дац-кха...

* * *

Нийса аьлла карийнарш,

Шу ма к1еззиг хили сан.

Дика дечух ас динарш

Довр а ду-кх, хилла чан.

* * *

Суг1анан кан санна

Т1елетча декхар,

Кагбелла хен санна

Т1едоьжча дехар,

Ма дикахьегац-кх вай!

Хьомсарчу доттаг1чух

Ямартло яьлча,

Хьуо виеза моьттинчо

Цавезар оьхьча,

Дуьненан мах хуьлу шай!.

* * *

Адамаллехь хьо ч1аг1лахь,

Адаман дарж доккхур дац

Хьоьгара цхьаммо.

Нагахь хьайх ца йайтахь

Жиргачух 1итта а

Кхоацайен шалго.

* * *

Вай царал а толахь,

Ткъа уьш вайл а толахь,

Тоьлла хир ду дерриг,

Массо декъал хирриг.

* * *

"Иэхьан лай-шен нафсан эла ву"-хезна.

--Хан яг1ахьара цкъа вайх ЭЛИЙ дебна!

* * *

Шинна,

Шаьшша долчу хенахь,

Хиетахь шиннал к1еззиг,

Ма ирс ду и, кхиберш хьеггал,

Бейша, х1ай, уьш декъал !

* * *

Цхьаболчу наха,

Шайн сийлахь хиларе

Хьала а озавой,

Со дарже воккху.

Ткъа вукху наха,

Боьхаллин ц1унала

Бертаза карчавой,

Дохко а воккху

* * *

Шависаран хьармахь

Ду моьттинера

Поэзин бай-латтанаш.

Вахаран къап-къарсах

Дохкуш хиллера

Лиехначу суйн маь1данаш.

* * *

Паччахьан гарантиш,

Инарлин погонаш...

Закъалт дац Делера доцург.

Воцучух ван г1ерташ,

Юха кепаветтарх,

Гучадер дуй цунах доцург..?

* * *

ЭвлаЯАШ бен

Тергал-д1а ца беш,

Араваьлла лелча,

Гезбеш бехха некъ,

Эвла карор ю,

"ЯАШ" карор бац.

Белхий карор бу,

Нислахь дуьзна текх.

* * *

Маьрша вац-кха

Къинойх ц1ена воцург,--

Ма боккха б1о

Т1аьхьабозу цунна!

Ц1ена вац-кха

Хьог1ах маьрша воцург.

Шен 1индаг1 а...

Кхераме ду цунна!

* * *

Баьрччехь товш волчунна

Кхочийла барч.

И ларбан доьналла

Тоьийла цунна.

Ткъа гучадаккхахь цо

Стагвацар ша,

Не1саг1е йолуш ю-кх,--

И хьакъйолчунна!

* * *

Адамалла йоцучара

Эхарта х1ун хьо?..

Адамаллех боьттинчара

Лей, вайна зен до-кх.

* * *

ОЛУШ ХЕЗНАРГ, ТОДИЧА

Син пхьег1а ма яцара

Ас сайна лиехнарг,

Куй лиелон б1арлаг1а яцара.

Къонаха ма вара

Ас Деле виехнарг,-

Г1уда ду-кха суна хьо кхачар!

09: 2007 .

ХЬУНА Х1УН МОЬТТУРА..?

Безам--хьовла ду моьттина яцахь

Кхетар ю хьо нисбаларх и гара.

Конституцин бехкам-бастам бац и,--

Ша ма-барра баккхий вай и баьрчче?..

* * *

Лайна бала, хилла халахетарш

Г1амарт1е д1аязде...

Мохе-малхе шардеш д1адайийтан.

Хьегна дика, хилла хазахетарш

Т1улгат1е ахь язде...

Даиманна иэсехь уьш дисийтан.

* * *

Хьан цхьа-хьайха елайаларх

Хьаьжт1ехь гуллун--итт а!--

"Белхий" д1алур бара ас.

Баккъал хьуна виезаваларх,--

Со хьаьгначу ирсах,


* * *


Рецензии