Нохчийчоьне

...Хьан кхолламан йоькханехь

Сан са худалойла !

Дегнаш--

Иллийн хьостанаш--

Хьуна къий ма лойла !

/ З. Байхаджиев/

Валлах1 хаац суна-м...

Хьох х1ун ала деза.

Муха йийца йеза,

Гучадоккхуш йезар.

Хьуна х1айкал даккха

Хьадисийн хат1 1амош,

Хьевели, ца ларош,

Лиънарш цхьаьнадало.

...Аьр-кх, ларавеччул,

1иллинарг чохьтийна,

Ойланехь техкийнарг,

Волччура суо дийна.

Суна карор дац-те

Хьоьха ала дешнаш,

Лазадохуш дегнаш,

Цхьанне а ца хезнарш.

Наха аьлла "бакъдерш"

Лаац юхадийца.

Яздийр дара-кх ц1ийца...

1ожалла 1ад1ийча-м.

1аьвшшина хьох алан

Дешнаш карадаллац,

Тебна1ар дахделла,

1ожалло д1акхаллахь,

Забаренна доцуш

ХЬО езар а эцна,

Муха г1ур ву "эцца",

Висахь аз а лекъна?.

.

...Хестийна хьан лаьмнаш,

Меттамот уьш лоруш,

Шайн г1овла ю, бохуш,

Сий 1аьршашка дохуш.

Гезйина аренаш

Гатте хьаьхначара.

Доза юхадара

Шайн кхажбаьллачара.

Уьш а хилла хир бу-кх

Г1улчийн маршо лоьхуш,

Некъийн г1уда хьоьгуш,

Бергийн лараш йоьг1уш.

Дурсаллин закъалташ

Т1УЛГАШ т1ехь а дешна,

Уьш шайн иэсехь лезнарш

Бара-кх К1ЕНТИЙ- (1) маьхкан!

.

Даим сийлахь долчех,

Хьуна тиешам болчех

Делахь мах бу иллин,--

Ас х1ара кхиеле дилли-кх.

...Со кхийдина барам

Муьт1ахь хиланц вайна...

Юханекъехь ала-м

Диезар ду дош... тайнарг !

(1)--(М-С Гадаев, М., 1., Мамакаевг1ар,

А,Сулейманов, А.Айдамиров, и. д1. кх.

дагахь болуш.)


Рецензии