Х1УН ДИЕ ВАЙ?

Сан накъост,

Дог дузуш вац-кх хьо цкъа а...

Б1аьрго схьа мел лоцург

Диеза хьайн дола.

Ца1ебаш, ц1еетта:

"Дерриг сайн ган-кх,

Х1айталла схьаэца-кх,

Массо а болан!".

Ницкъ биеза,

Барамца 1иеткъо йиш ерриг.

Ткъа безам--вахийна

Г1орасиз вийрриг.

Дагна там, и шуьйра,

Зил-чеккхе йоцу,

Синмаршо, х1ордашка

Иэшалур йоцу.

...Моццалчу шортоно

Токхвийр вара-те хьо?..

"Завбазой" х1отторо

1абор варий-те хьо?..


Рецензии