Ойла йича

ЦОККУЕВ 1илмади

ОЙЛА ЙИЧА...

Заддийн лар ю

Массо меттехь:

Зулам динчохь,

Дан ца деллачохь а!

Дан ца кхиъначохь а!

Юкъахдисинчохь а!

Дан ца х1иттинчохь а!

Хьехабо уьш

Х1оккхахь, эццехь,

Ах-улх гинчо,

Теш ца хиллачо а!

Юьстара волчо а!

Не1алт аьллачо а!

Цаьрца хиллачо а!

...Бийцарал дехьа вай довлац.

1а хир ду-кх,

нахала ца довлан.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →