Юха а...

ЮХА А...

Дитташ, шу юха а

Къеждели ша-тайпа-- можа

Кхин цкъа а т1ехтили

Хенан мур хьесапе эццал

Можалла цхьабосса

1аьткъина яцаран доза

Цу х1етал-металийн

Махках д1ах1отталуш деца.

Миноташ-г1аш лаьтта

Пелагех, дегаза оьгу,

Билларца семса мотт

Схьах1отта кийччачу 1аьнна.

Дерзина лаьттар дац,

Духадеш б1аьсте ю кхочур...

Ц1индалар--шераш шун

Кхолламан канара 1аьнна.

...Цхьадолчу х1умнаш т1ехь

Д1адевлла вай карладохуш,

Марг1алша вайн, т1иэра

Зуьйр, хета, шайн шерийн лами.

Хьуьнаршца сий диебош,

Пешара ц1е марсайохуш,

Кхоьхьур ду шайн маь1на,--

Х1ораммо шенначул чамеш.


Рецензии