Шарадаш

ШАРАДАШ

Дин бу со муьт1ахь, сов партал.

"Г1ум-арин кема"- ц1е тиллина суна.

Ткъа лиъна хийцамаш бан

Юккъера элп т1ехьа даккхахь...

Аьрхалла юссу соь,

Херло шун нуьйрах,

Куц-кеп а хийцало сан. (ЭМКАЛ) ; ; Гайтам бу со тамбен сутарчунна.

Амма... аш со бекъахь, ши дош деш:

Хи г1оттур ду, к1уьрах, х1аваэхь,

Дог1ий, кхочу, хьаша дорцан, г1уран.

(1АЬ1А)

Хилам бу со. Х1утту х1ора кертахь,

Вай д1аверзош оьмар зиле кхаьчнарг.

Хьалха-т1ехьа доьшуш хийца г1ертарх

1алашдо ас маь1на, сайга кхаьчна.

(ТЕЗЕТ)




ШАРАДАШ

Дин бу со муьт1ахь, сов партал.

"Г1ум-арин кема"- ц1е тиллина суна.

Ткъа лиъна хийцамаш бан

Юккъера элп т1ехьа даккхахь...

Аьрхалла юссу соь,

Херло шун нуьйрах,

Куц-кеп а хийцало сан. (ЭМКАЛ) ; * * * ; Гайтам бу со тамбен сутарчунна.

Амма... аш со бекъахь, ши дош деш:

Хи г1оттур ду, к1уьрах, х1аваэхь,

Дог1ий, кхочу, хьаша дорцан, г1уран.

(1АЬ1А)

Хилам бу со. Х1утту х1ора кертахь,

Вай д1аверзош оьмар зиле кхаьчнарг.

Хьалха-т1ехьа доьшуш хийца г1ертарх

1алашдо ас маь1на, сайга кхаьчна.

(ТЕЗЕТ)


Рецензии