Чурт ду-кх... 1уьллуш

Хатуев 1абдулхьамидана

Чурт ду... 1уьллуш

Пхьеро ша ма дарра.

Билгалонан

Йоза доцуш т1ехь.

Белхар долуш

Дуьне дисча цхьаннах,

Г1оттур ду и

Г1арол хилла шех.

Новкъа хета

Хьо дуьненчу даьлла,

Айкх 1ожаллин,

Цуьнан луьра теш.

Дуьсур дара

Акха кхера хилла,-

Маржа кхоллам!-

Стаг ца хилча леш!

Цхьа стаг х1оттал

Меттиг д1а а лаьцна,

Мел а куьцехь,

Б1аьрла латтарх хьо

Ш ийла г1овла

Кошахь волчун еца,

Велларг тхуна

Хьан букът1ехьа го.

Вайн аьлларехь

Г1отту чурт а, латта,

Барзан коьртехь,

Хилла кхожан лай.

Наь1алт?-

Х1ан-х1ан-

Хастам бо ас цунна,

Юзур яцарх

Меттиг, хилла сайн.

...Бу кархдераш

Дуог1а къоман дагчу

Шайн маь1ница

Варкъ ца телха чурт.

Ишттачеран

Ц1ераш бартахь еха,

Т1е бен некъ а

Ширлац, долий къух.


Рецензии