Цхьадолу хаттарш

ЦХЬАДОЛУ ХАТТАРШ

-Яьсси-хиэ, Органо

тилкхаз ца довлуш,

шен-шен харш схьа муха лехна?

-Саьхьара хьаьвзинчу

х1оранна карийна

шех ша ден чибара маь1на.

-Б1аьргашца бухь лехча

коьртара куй божжал

ирхдахна г1арг1анаш. Х1унда?

-Дитташ бен доццушехь,

царна а ца лиъна

шаьш хьенан муьлш ду хьулдан.

-Г1уллакхийн кхехкар бен,

сурт-сибат ган доцчу

мохан ницкъ--и стенах лаьтта?

-Т1аламза буьйдинчу

ницкъалгех дезардо

х1авао, мохане даьлча.

-Дуьне а хьайн дуьхьа

кхоьллина доллушехь,

садоккху герзаш до-кх... маржа!

-Къера ву. Безара,

безара некъ бехкан,

даха хьакъ доцчарна даржа.

-Хийла ворх1 хьацар хьох

хеттарша лиешадо

жоьпашна т1екхиар доцуш?

-Де-дийне, рогг1ана

уьш къардеш вог1у со,

хьошалг1а воьссина воцу.

-Синошлахь баьрччера

меттамот схьалаца

адам, кхаж хьайн х1унда хетта?

-Сан хьекъал дийбира

лехамийн пхьалг1ахь ас

хаттарчух айдаран хьаьрк ешшехь.


Рецензии