Хьо езаелча

Хьо езаелча

Дог декхаделла,

Хьогалла йоьссира соьга.

Безаман шовда,

Хоршаца дов деш,

Хьаьдира, дуьхьал некъ лоьхуш.

Массарах т1ехтилий

Б1аьргашна карориг,

Ялахьа сан хилий

Собарх со воххалий.

Со х1етахь дуьйна

Набарха вуьйлу,

Хьиегамийн само ирйелла.

Хьуна сол тоьлург

Карорна кхоьру,

Цундела садуу денна.

Дерриге гонах

Дуьзна хьан х1уонах,

Къажйо ас хьан оьзда амалш.

Мичча а метта

Лоьху б1аьрг х1оттарх

Иэхьало аматийн з1амарш.

Хийцамаш изза--

Гаьнгалеш ирсан--

Бац-те хьан дог т1омадохуш?

Со шен хир волчух,

Къамел деш йолчух,

Яц-те хьо "лата" дог дог1уш.

Хьо стела1ад ду,--

1иелахь хьуо ма-дду,--

Х1оттий сан кхийдамийн стиглахь.

Ма лолда х1етталц:

Вай вовшахкхетталц.

Хир ду и кхолламо ирс лахь!


Рецензии