Хьан б1аьргийн г1айг1а

ХЬАН Б1АЬРГИЙН Г1АЙГ1А

...Цу б1аьргийн г1айг1анан

Орам бу хьан дагна зийзаш...

Мел харжйарх къажар а

Ца нисло чомахь.

Гонаха бохьбуьйг1у

Самукъа ду хьуна гома,

Ткъа ларло нахана

И даккхарх чомах.

Цу б1аьргийн г1айг1анан

Орам бу-кх... хьан дагна зийзаш.

И б1аьргийн г1айг1а ю

1аь1начу б1аьрхиша кхобуш.

Хьан юьхьах шен куьзга

Даделла-кх б1аьрхинийн 1оме...

Х1ун хир-те хьайгарчу

Хьолах хьо йуолахь?!.

Г1аттахьа, ца лаьтташ

Г1айг1анна гуорахь!..

И б1аьргийн г1айг1а-м ю...

1аь1начу б1аьрхиша кхобуш.

Дига-кха г1амаршла

Цу 1оман татол!

Яккха хьо з1аьнаршла

Варий-те ларор?


Рецензии