Хьалхилар, аьттонаш

Хьалхилар, аьттонаш

Ца бохку сийлаллин 1аьрше.

Адамаш,

Шун б1аьргбадар

Лору ас доллучул харжен.

Чухьаьдда т1е-карен

Х1оранца ца хилла хир со...

Вина вац сох шен лай

Кхечуьнан доларчу ирсо.

Ма вехаш хиета суо

Догъэца шу долуш гонах!

Воккхавоь сел бертахь

Цхьаьна1ен баьллачу кхожах.

Ирсах ас х1ун дора

Шу дерриг декъаза долчохь?

Д1абекъа дикаболх

Бацарна ву-кха со холчахь.


Рецензии