Х1унда 1ий и

Х1УНДА 1ИЙ И,

МУХА 1АВЕЛИ?..

Нана ганза кхо шо даьлла к1ентан.

Х1унда 1ий и ца вог1уш шен денц1а?

Чувоьллинчохь яьккхи оццул хан?

Дийзи-техьа... цамгартокхуш 1ан?

Дуьхьалх1отта юьхь яцарна 1ий,

Нана елхош, ша дохкарна сий?

Йе Даймаьхкан декхарш кхочушдеш

Сийци, царах шена буржал деш?

Мичча куьцахь совг1ат шех ца деш,

Ненан б1аьргаш шеха хьегадеш

Х1унда 1ий и, муха 1авели..?

...Сатийсина,

Миска, и-м йели..!

. . . . . . . . . . . . . . . . . . . . .

Хьо бахьнехь муьлхха а

Халонаш ловр ерг,

Йиш хилча, хьан метта

Лахьтичу г1онйерг

Йели хьан х1инца,--

Хеди хьо ирсах!

...Виси хьо дирша..!


Рецензии