Уьш-х п1елгийн таьпнаш санна...

УЬШ-Х П1ЕЛГИЙН ТАЬПНАШ САННА...

Х1етахь суна хьох карийнарг

Дара тамашена...

1ахар дуьтуш сан палтийсар

Йиги цхьамма-м шена.

Ирсе кхаьчнарг, ирсах даьлларг

Муьлха ду тхойшиннах,--

Даррехь иза къасто ваххьал

Хьуьнар хир ду хьаьнгахь?

Ц1е ца хуун и ахь даьхьнарг

Лоьху...

Карий хийла.

Уьш-х п1елгийн таьпнаш санна,

Бен-бен хуьлуш хилла.

Бакъдац... нагахь хьуна моттахь,

Айхьа синтем баьхьна.

Суна ирс а дозушхиллал

Экамниг ца кхаьчна.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →