Терхеш

ТЕРХЕШ

Ц1е а хуьлу ц1ерал йовха,

Хуьлу ирсал доккха ирс

Балел беза бала хьовха,

Ницкъал--мел а боккха ницкъ.

Йовхо алссам оьшу хийла,

Цхьа тов йоцчохь кхачаме,--

Хир ю еккъа алу сийна,

Хоьттуш хилча безаме.

Ирсах кхетар бен-бен нисло,

Стаге шега хьаьжжина.

Шенна лиехнарг кестта тишло...

Ирсех хьан ду хаьржжинарг.

Юьртан, к1оштан 1ойла дойуш

Бала боссахь--эзар чов.

Цхьаннан белшаш г1оьнца йайеш

Кхиберш хьовзахь, ду и дош.


Рецензии