Т1еман кхерам мел бу...

Т1ЕМАН КХЕРАМ МЕЛ БУ...

Кху дуьненан

Гражданин а хилла,

Болуш массо халкъийн

Депутат,

Машар вайлахь

Г1оза баха хаъалц,

Нанойн дуьра б1аьрхиш

Дацахь туьйр,

Белшаш лаьцна,

Вегош хьекъалх тилларг,

Баьрчче кхийдаш волчун

Дуръеш бат,

Т1еман балех

Латта мукъадаккхалц,

К1ЕНТЕХ хьацар

Лиешар ду, ца туьйш.

Кху дуьненан

Гражданин а хилла,

Массо халкъийн болуш

Депутат,

Машар вайлахь

Г1оза баха хаъалц,

Хьацар лиешар делахь

ВЕЖАРЕХ:

Карладоккхуш

Лаьмнийн шира г1иллакх,

Корталеха юьзна

Девнан хьаьтта,

Питанчийн сур,

Кхоьруш,

Соне таббалц,

Кортош 1ора хир бу

ЙИЖАРИЙН!


Рецензии