Садеттар

САДЕТТАР

Мохо морхийн бамба хьаькхна

Ц1анди куьзга-бутт

Цу чохь дуьхьал ухьур дац-те

Езаш йолчун сурт".

Х1инций-х1инций бохуш,1а со...

Дапар-диппехь, дог

Сан лаамна гонах уьду

Шен ма-боллу ког.

Лиелий довла, довла гайтий,

Яцахь соьца ч1ир.

Жимма каде шу ца хьовзахь

Бовр бу г1оран чиркх.

Эшча орцахдовла, партала

Ма хилийша сел!

Къаго дезар ду-кх шун т1аккха,

Кешнийн кертахь бел.

...Сатессинчохь ган йиш хилча,

Деш вай шеха токх,

Хир а ярий оццул езаш

Нехан, хийра йо1?!


Рецензии