Олуш делахь а
Сан карара охьайоьжна
Баьпкан юьхк ирахь ца сецна,--
Тховса а со волчу хьаша ца вог1у.
Карара охьа ца йоьжча
Баьпкан юьхк ца 1ий, кадеттарх,--
Кху сохьта сан езар меца ю ч1ог1а.
Цавоьдуш 1ен амал доцчу
Сан некъ а хадийра--стенна?!--
Цициго, хазза догйоккхуш...
1уьйрре со тхешан кех волуш
Вир 1ахар, 1ададеш лерса,
Дирзира некъ буоло со сорсавоккхуш.
Амма сан некъ гал ца бели,--
Вай тешарш дуьхьал ца девли.
Эрна ца дуьсуьйтуш шега ладег1ар,
Хьошалг1а воьсси сан доттаг1.
Урамехь б1аьрдуьхьал х1оьтти,
Токх-юьзна кафера йог1у сан езар.
Свидетельство о публикации №114070104606