Назми

Пайхамараш, Авлияаш

Делах ч1ог1а кхийринера.

Делах кхоьруш биегийнера,

Деле кхойкхуш билхинера.

Шайна гечдар Деле доьхуш,

И реза ван г1иртинера.

Деле доьхуш, сужданера

Хьалаг1овттуш ца хиллера.

Х1ай бусулба йижрий, вежрий,

Ма партала ду вайн 1амалйар!

Малонца ду мэл, йал яккхар

Хазнин дай ваьш долуш санна.

Дег1ан лаамийн шовданашца

Къинойн асарш хьиекъадо вай.

Г1ийбат, бухтан лиеладарца

Луьра къинош лиетадо вай.

Кошан 1азап хала дуьйцу,

Барт хаттар ма чолхе дуьйцу.

Сиррат-т1ай ма дуткъа дуьйцу

Кхера дезаш хьал ду-кх вайгахь.

Самадовлий, ладог1ий вай,

Фарзаш мукъне кхочушдей вай?

1ибадатца Мизан-терза

Дазден бахьнаш леладей вай,

Дела воцург накъост воцчу,

Элча воцург г1оьнча воцчу,

Кхин т1екхача орца доцчу

Лаьттан кийра ваьш дерззале.

Г1адъэхарах юхакхетта,

Дуьне чуьркан т1оммал хетта

Дела реза ван г1ертаро

Дуьгур ду вай ялсамана.

Нафсан архаш буйналаьцна,

Хьаг1-гамонех маьршадоьвлла

Эхартана кечамбаро

Дуьгур ду вай ялсамана.

Инша-Аллах1,

Далла лаахь!

Инша-Аллах1,

Далла лаахь!


Рецензии