Ловзаргахь

ЛОВЗАРГАХЬ

--Бакъахьа аг1ор со "гамвелла" хьоьца,

Хазйелларг, хьан хьаса бог1ий-те

соьца?

--Хийра к1ант, хьан хабарх со халла кхийти,

Амма пхьа ма-баьстти гергара хийти.

--Баркалла хьуна, йо1 леринарг гарна.

Ас бохург, уьйр лоцуш, ахькъобалдарна

--Дуй-те уьш кхечаьрга йорт кхехьна

дешнаш?

Йе со ю хьан дагчу церан х1у теснарг?

--Вайдаха, хьоьга бен аьлла ма дац уьш;

Хьайх воккхуш хьукма дер,каравахь

харцлуьйш.

--Сайх валар мел харжен лорур ду

хиъча-м...

Хуур дац-кх кхин жимма дуьне ца

диъча.

--Дуйнашца ч1аг1онаш йан-м хьалхе

деца,

Юьхь аьхна-м хетало, ирс оьхьуш шеца.

--Ц1е, адрес ца хаарх, лохур ахь, езахь.

--Лохур ю, карор ю. Ладоьг1уш 1елах!.


Рецензии