Керлачу шарца

Шарера шаре г1улч йоккхуш,

Вайн дегнаш даккхийдедо.

1иткъина г1айг1анаш лохкуш

Хьестийла т1едог1учо!

Хир ду вайн кхочушдан лиънарш,--

Керлачо уьш дан ницкъ лойла!

Хьиега ваьш хьиеганза диснарш

Вовшашца бертахь а г1ойла!

Хиллачел хиндерш го б1аьрла,-

Х1оранна шениг ду хьоме.

Ца дуьсуш дегнийн йиш хаьлла,

Х1ара шо хуьлда вайн чомехь.

Кхин маса керла шо даздеш

Цхьаьна1ар нислур ду-теша?

Дехийла вуоно ца б1арздеш,

Вовшеха безам ца хедаш!


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →