Ирча г1ан

ИРЧА Г1АН

(Фашизме)

Яххьаш кхолош

Кешнаш дебош,

Ах-Европа кога хьаьшна,

Латта 1адош,

Ярташ ягош,

Х1аллакаллин болар эцна,

Сан Даймахка кхечира хьо.

Хьаж дусийна,

Дег1 дуьйлина,

Сайн дезарийн ши сту хецна,

Хьоь ца дайта

Нажжаз тхайн ц1а,

Махко доху орца хезна

Хьуна дуьхьал велира со.

Ахь со иэшош,

Ас хьо иэшош,

Хийла денош сан гихь даьхки.

Т1емаш кхаьдда,

Кагйеш шаьлта,

Волуш цхьаннен са ца даьккхи.

Ирча г1енаш х1инца а го.


Рецензии