Г1иллакх тоьлча
Ахмаров Рамзанна
Мел ца товш дара и:
Йоьттина йог1уш автобус,
Къийлалуш, тиебачу цунна
Т1етт1а гатйалар шен меттиг.
(Довдича хьахор яра такси)
Мел ца товш дара и, дан-м ткъа.
Мел хаза дара и:
"Сий экама ду зудаберан,
Схьайоьл цкъа, охьахаал х1оккхе",--
Аьлла, Цо, хьала а г1оттуш
Шен меттиг д1аелча цунна.
Мел хаза дара и, дан-м ткъа.
Мел дог1уш дара и:
Оьздачу воккхачун г1иллакх
Кхечарна ун тухуш даржар...
Парг1ате д1атарйи йо1-ам!
(Сапхора-м даний вай, зийча)
Мел дог1уш дара и, дан-м ткъа.
Мел оьшуш бу-кх уьш:
Ца 1иэлурш ишттачу меттехь,
Ца хетарш массарна хеттарг,
Ша-башха ойланаш йийраш,
Леларца шайх къилба дийраш.
Мел оьшуш бу-кх уьш, бан-м ткъа.
Свидетельство о публикации №114062910141