Дика к1ант вуьйцуш там бу

ЦОККУЕВ 1илмади

ДИКА К1АНТ ВУЬЙЦУШ ТАМ БУ

Вуьйцу цхьаъ,

Хеставо,

Дерзинчу куьйга лом

Къардора,бохуш.

Ткъа кхечо,

К1ант вара боху и...

Ала х1ума доцуш.

Ас боху:

И иштта ца хиллехь

Гучудер дацара цуьнгахь,

Суна зиеделларг;

Къонахчо бен

Кхочушдендоцу

Г1уллакх т1едаьхьча,

Цуьнга даделларг.


Рецензии