Даге

ДАГЕ

Дог, хьо наггахь карзахдолу,

Тарбеш хьайх цхьа аьрха дин.

Эрг1адалла "коьрте йолий",

Бергаш етташ, к1амдо чин.

Юха экама хуьлу,

Г1ийла...

Пиллаге а йалуш чов.

Деттадаларх къорчу кийрахь,

Массо дег1ан ду хьо ков.

Вайга ваг1ахь синтем-хьаша,

Декхалой д1ах1утту хьо.

Со сайгарчу хьолах вашар,--

Иза-м наггахь бен ца ло.

...Ойланашка урх ма луолахь,--

Хьекъал ду шен амалехь.

Йайдакхдалий, дайн ма г1уолахь,--

Хьуо-хьайн дисан лараде.


Рецензии