Бартахь ца хилча дош

ЦОККУЕВ 1илмади

Бартахь ца хилча дош

Дагахь дац моьтту.

Даима "багахь моз"

Х1унда дац?--хоьтту.

Тиекъаш ахь ца дийцахь

Декъал ву моьтту.

Орцанна д1ахьедахь

Декхар ву моьтту.

Ма-йарра ц1ейоккхуш

Йиш хилац дийца.

Доьналлех воккхушдерг

Дагна ду ц1ийдар.

"Хийцалуо!"--боху,

(Хат1 товччу аг1ор),--

Ду цара лоьхург

Шайна к1ел валор.

К1ордийна салкхе,

З1аьнаршла хьиеда,

Хораман чархе

Ца дааделларг.

...Сан ойла-полла

Шен дургал лоьхуш,

Лахьти чу г1олда-кх,

Х1остах ца юхуш...


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →