1аьнан дийнахь

               ЦОККУЕВ 1илмади               
      1АЬНАН ДИЙНАХЬ
Х1аваэхь детин х1ур хьийза,

Г1улчаш к1ел урамнекъ ц1ийза.

Гонахе шарйина лайно,

Дерт-берчаш яьхна цо къайла.

Аьхналло воьху д1а-ара...

Ков боцу мачаш елхьара!

Дитташ 1а ца гойтуш доьхна,

Ойланаш б1аьстенга йоьг1на.

Стигал ю хьекхалуш коьртах,

Волчунан жимма а зоьртал.

Лайт1ера боларийн йоза...

Велира-кх и дешшал говза!..

Ларш-йоза дийлина чучча,

Хьийзаеш дахаран урчакх.

...Шийла ю,шийла ю арахь,

Цо "милла къажор" ву, къарлахь.

Г1улчаш к1ел урамнекъ ц1ийза,

Лайн х1уьрца мохо йо кхийсарш.

Вай цхьаьна кхерстина доьвли,

Чу г1уо вай, кхид1а ца шеллуш..?


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →